Telegram Group Search
Forwarded from Iилманан Нур
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Каш чохь хаттарш деш ши малайк ду Мункар, Накир цIе йолуш. Цаьршима 3 хаттар дийра ду:
- Хьан Дела мила ву?
- Хьан Пайхамар мила ву?
- Хьан дин хIун ду?


Ткъа тахана и вайна массарна хаьахь а, амма цу дийнахь жоп далалур дац хьаьнг-хьаьнги…

Iадлан Харачо
Iакъидатан Академера 2-гIа жайни 12-гIа дарс

YouTube 🟥
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Лайлатуль-къадр буьйса муьлхаг ю вайна ца хаийтинехь а, lарафат де муьлхаг ду хаийтина вайна Аллахlа!

Лайлатуль-къадр буьйсанна дуьненан тlедуьссуш Малайкаш далахь а, lарафат дийнахь дуьненан стигал тlевуссарг Аллахl Ша ву!

Цундела и lарафат де лардойла ахь, лайлатуль-къадр буьйса лар ма ярра, я кхин а чlогlа! Цу дийнахь марха кхабарца, доlнаш дукха дарца, «ла илахlа иллалахl» алсам бахарца.


lадлан Харачо
Стаг-зуда вовшахкхетачу хенахь цхьаьнадогӀуш хилар бохург ма дац адамаш цхьадерш вукхарал а гӀоли ду, хӀунда аьлча, бусалба динан шариӀато массо кепара болу къастамаш дӀабаьхна, цхьа а вовше къаста ца веш, Лекха волчо аьлла: «Баккъалла а, цхьа вежарий бу муъмин нах». [Сурат: Хьужурат, аят: 10] Мелхо а, стаг-зуда дин агӀора а, тайпана агӀора а, дешар агӀора а, шераш агӀора а, иштта кхидӀа долчуьнца а цхьаьнадогӀуш хилийтар ду - ирсе бахийтархьама, дӀайса а ца къастийта.

[МаӀа́йи́рул-кафа́ати физ-зава́ж, агӀо:3]
✈️https://www.tg-me.com/lадлан Харачо/com.adlan_haracho
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Шарчохь хlокху деношкахь бен хьоьга кхочуш далура доцу суннат
Forwarded from Дешар...
ХЬАЖ, ЙА ӀУМРАТ ДАН ӀАЛАШО (ЛААМ) ХИЛЧА ДАН ДЕЗАРГ...

Хьаж далахь, йа Ӏумрат далахь, хӀоранна тӀехь ду, (важиб ду) и даран белхаш довзар, Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма дарра.

Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: соьгара схьаэца шайн хьаж белхаш"
И бохуш дира Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) тӀаьххьара Ӏадика еш шайн хьаж.

«Вайна ма довзара, муьлха цхьа хӀума ахьа деш хилча, муьлха Ӏамал, иза Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма дарра, цо ма ярра ян езаш ю.

Иштта хӀоранна, цхьа хӀума дан леринехь, цу хьокъехь дерг, цу хӀуман белхаш, довзар важиб ду.
Масала: хьаж дан хьуна лиича, йа Ӏумрат дан лиича, ткъа вуьшта аьлча, и дан хьо новкъа ваьлча, и дан хьо ара ваьлча, хӀинца кху шара воьду со хьаж цӀа аьлла, йа Ӏумрате, тӀе бохучу баттахь, аьлла хьан ният кхолла делча хӀинца хьуна важиб хули тӀе дужуш ду цу хьаж дан воьдуш валахь, цу хьажах дерг, Ӏумрат дан воьдуш валахь, цу Ӏумратах дерг, хьуна довзар, ахьа Ӏама дар, хьан бала кхачар. Шайна хьалха ваьлла цхьаъ ву бохуш, цу тӀехь кхачо ца яр. Шайна хьалха ваьлларг мила ву, Ӏилмац ву йа вац хьо хьажар, иманац, Делах кхерарц, болучу гулламехь хьо нис валар иза коьрта ду, иза лардар дезаш дерга а ду, амма цу тӀехь кхачо йина хьо Ӏан везаш вац.
Ишттаниг хьалха ваьлла велахь а, хьо даиманна цуна гушчхьа хира вац, даиманна цуьнан бӀаьргаш хьалха хира вац, цуна ца хууш, хьоьгара цхьаъ дала йиш ю, хьан дан йиш йоцу хӀума, дан мегаш доцу хӀума, хьуна хьайна доьвзуш ца хиларе терра. Цундера и массо хӀума довза декхарийлахь ву хӀора бусулба стаг, ша дан лерина долу муьлха хӀуман хьокъехь.»

- Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма-дарра суннатехь Ӏумрат дар довзуьйтуш яздина Шайх Халид ЖухӀанин «Кайфа таӀтамиру камаӀтамаран-набиййу» цӀе йолу жайна

©Ӏадлан Харачо
https://www.tg-me.com/deshaarr
Шайх Абу Исхьа́къ Хьувайнис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Ӏеламнах балар - уггаре боккха бала бу».

[Видео: Мавтул-Ӏулама́ъ]
✈️https://www.tg-me.com/lадлан Харачо/com.adlan_haracho
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Live stream started
Live stream finished (33 minutes)
Шайх Ахьмад ибн ӀабдиллахӀ Марда́вис (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Бусалба нехан амир хилла волу Ӏумар ибн ХаттӀаб кху умматехь уггар веза верг ву, цхьанне а къовсам боцуш, Абу-Бакр Сиддикъал тӀаьхьа.

[Ал-ла-а́лиул-бахӀиййахӀ шархь ла́миййату шайхил-исла́м, агӀо: 32]
✈️https://www.tg-me.com/lадлан Харачо/com.adlan_haracho
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Iилманан Нур
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Шен дикачу лайшна валар тIе хоьттича, царна ялсаманица кхаъ боккхуш малайкаш ду АллахIан.

Iадлан Харачо
Iакъидатан Академера 2-гIа жайни 12-гIа дарс

YouTube 🟥
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Исхьа́къ ибн Ибра́хӀи́м (АллахӀа къинхетам бойла цунах) боху:

«АллахӀ Цо кхоьллиначух тарвар хуьлу, цхьаммо аьлча: «АллахӀан куьг Цо кхоьллиначун куьйгах тера ду, я и санна ду», - я - «АллахӀан хазар Цо кхоьллиначун хазарх тера ду, я и санна ду». Цхьаммо аьлча: «АллахӀан хазар - Цо кхоьллиначун хазарх тера ду, я и санна ду», - иза АллахӀ Цо кхоьллиначух тарвар ду! Амма цхьаммо аьлча, Лекха волчу АллахӀа ма-аллара: «Цуьнан куьг ду, хазар ду, гар ду», - делахь а, муха ду ца бохуш, я и санна ду ца бохуш, я цунах тера ду а ца бохуш аьлча, иза АллахӀ Цо кхоьллиначух тарвар дац».

[Сунан Тирмизий, агӀо: 246]
✈️https://www.tg-me.com/lадлан Харачо/com.adlan_haracho
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Шайх Абу Исхьа́къ Хьувайнис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Шам латта а, Ӏарбойн латта а, Мисар латта а тӀе бен цхьана а Пайхамара шен ког биллина ма бац цкъа а!».

[Видео: Инналла́хӀа ла́ югӀаййиру ма́ би къавмин хьатта́ югӀаййиру́ ма́ би анфусихӀим]
✈️https://www.tg-me.com/lадлан Харачо/com.adlan_haracho
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Iилманан Нур
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Ламазан могIа нисбар-1
Хьан къиноша ца кхочуьйта хьо ламазан хьалхара могIаре.

Iадлан Харачо

Iакъидатан Академера 2-гIа жайни 12-гIа дарс

YouTube 🟥
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Хьенех Лом
Ӏеламнехан масаллаш:

«Шайх Абу Исхьакъ Хьувайни схьалаьцча, цунна кӀанта боху, шай дена новостеш ца хазийта гӀерташ чӀогӀа къахьоьгу шаьш, цо хаьттича а цунна харц дерг ца дуьйцуш жоп дала гӀерташ, делахь новост а ца хазийта гӀерташ, дуьнен тӀера муьлхха а меттехь цхьана бусалба стаган гӀело йина, хьизийна аьлла хезча, шайн чохь тезет хуьлу, гӀайгӀане воьди, воьлхуш, яъ хӀума ца юуш, иштта хьолехь хуьлу иза боху.»

Ӏадлан Харачо (АллахӀа Ӏалаш войла иза)
Ибн База (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Делахь а, хьалххе дуьйна Ӏарбоша лардечух ду-кх, Ӏарбойх доьлла хӀума а ду шайн йоӀ кхечу къомах волчуьнга а, я лай хилла волчуьнга а ца яхийтар. Ткъа иза тергал ца деш, шарӀо магийначух кхачам хилла яхийтахь-м хӀумма а дацара, делахь а, ца йохуьйтуш дуьхьалаваьллачуьнга хӀумма а бохийла дац. Ӏарбойн тайпанах волчуьнга бен ца йохуьйтуш цхьаъ дуьхьалаваьллехь, хӀумма а дац иза. ХӀара ерриге агӀонаш мегаш агӀонаш ю, АллахӀана бу хастам.

[Фатва: Хьукму иштиратӀыл-кафаати фин-насаби Ӏиндаз-заваж]
✈️https://www.tg-me.com/lадлан Харачо/com.adlan_haracho
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
2024/06/26 18:28:29
Back to Top
HTML Embed Code: